Хьо цхьаъ ву са

Макка Сагаипова - Хьо цхьаъ ву са

Соьх ц1е лета генара хьоьх б1аьрг кхетча,велалуш хьо мерза сайга схьахьажча.
Б1аьрги нур са д1аэцна,сан дог йисаре лаьцна,вай безаман хьозано шен т1ам хецна.(2 раза)
Хьо цхьаъ ву ас харжина хьо цхьаъ ву ас къастина, ойланах са хьарчина са дагах ц1е латина.(2 раза)
Хьо цхьаъ ву ас харжина хьо цхьаъ ву ас къастина дог а са ахь дашина са дагах ц1е латина...

Хийла оьг1азлонца ахь соь дош аьлча боцу бехк а буьлуш бехке со йича .
Хиларх иза ла хала ницкъ бац са хьоь дош ала ху де ас хьомениг кхи а ч1ог1а везча.(2 раза)
Дериг дуьне хьо ду са М1аьлха нур а бетта са.
Б1аьргий нур а хьо ду са .
Ирсе седа хьо бу са.

Дагахь яц со хьоьх яла хьоьха къастина яха .
Майра йиш ю са ала хьа ц1арца со еха.
Ирсе дахар хьоьца го .
Сан безаман къилба хьо.
Хьа безамо ирсе йо.
Суна везчу Далла велла хьо. 

Исполнитель: 
Год: