Безаман алу
Марха Макаева - Безаман алу
Дашо нур даржа деш,
Дуньен чу можа малх кхета.
Седарчий цу стиглахь,
Безамна шаьш къежаш хета.
Бацалахь зезагаш,
Iуьйренца тхи лоьцу.
Сан даго хьо лоьху,
Массо а ханна. (x2)
Безаман алу сан дагах кхетта,
Ховхачу ойланаш соьх йийсар йина.
Массарел оьзда хьан гIиллакх хетта,
Лаам бу хьоьца сан ирсе тIай тилла.
Лаам бу хьоьца сан ирсе тIай тилла.
Сан даго ларвинарг,
Иза-м хьо хилла-кха суна,
Ас тешам чIагIбинарг,
Сан безам хилла-кха хьоьга.
Дуньнена самукъа,
Сина сапаргIато -
И хьо ву, и хьо ву
Массо а ханна. (x2)
Безаман алу сан дагах кхетта,
Ховхачу ойланаш соьх йийсар йина.
Массарел оьзда хьан гIиллакх хетта,
Лаам бу хьоьца сан ирсе тIай тилла.
Лаам бу хьоьца сан ирсе тIай тилла.
Безаман алу сан дагах кхетта,
Ховхачу ойланаш соьх йийсар йина.
Массарел оьзда хьан гIиллакх хетта,
Лаам бу хьоьца сан ирсе тIай тилла.
Лаам бу хьоьца сан ирсе тIай тилла.