Хаза Б1аьргаш

Мадина Хамидова, Петимат Еснакаева - Хаза Б1аьргаш

Кхоллам хилла хазчу сарахь, вайна довзар.
ХIетахь дуьйна сан жима дог дели ловза.
Елаелла. Сайн безамина дуьхьал яьлла.
Кийча хилла хьуна деган неIарш елла.

Со яц хьуна хуур долуш лело хIилла.
Лелар йолуш сайн безаман некъах тилла.
Хьуна делла дош ца дохо йина чIагIо.
Йоллу со хьан массо гIайгIа, чим беш, яго.

Даго, "Оьшу" аьлла, сан ойланехь висна ваьлла,
Де ца деъна ас вицвина, дега везар сан.
Суьйре суна къагош, цIарах богу кийра, Iабош,
Ирсе еш со, дагчу хьоьжу хаза бIаьргаш хьан.

Суна юххехь доккхур ду, хьан ирсо, заза.
Ю хьуно со массарел хьо хеташ хаза.
Хьан амалаш, хьан къамелаш дукха дезна.
Со ю хьуна, шеко йоцуш, хилла реза.

Хьуна гена яьлла яха дац сан гIора.
Кху муьненах, хьо ца хилча, ас хIун дора?
Ломал лекха, хетар суна, хилларг хьоме.
Ирс хили сан, хьан безаман хьажа чоме.

Даго, "Оьшу" аьлла, сан ойланехь висна ваьлла,
Де ца деъна ас вицвина, дега везар сан.
Суьйре суна къагош, цIарах богу кийра, Iабош,
Ирсе еш со, дагчу хьоьжу хаза бIаьргаш хьан.
Даго, "Оьшу" аьлла, сан ойланехь висна ваьлла,
Де ца деъна ас вицвина, дега везар сан.
Суьйре суна къагош, цIарах богу кийра, Iабош,
Ирсе еш со, дагчу хьоьжу хаза бIаьргаш хьан.

Даго, "Оьшу" аьлла, сан ойланехь висна ваьлла,
Де ца деъна ас вицвина, дега везар сан.
Суьйре суна къагош, цIарах богу кийра, Iабош,
Ирсе еш со, дагчу хьоьжу хаза бIаьргаш хьан.
Даго, "Оьшу" аьлла, сан ойланехь висна ваьлла,
Де ца деъна ас вицвина, дега везар сан.
Суьйре суна къагош, цIарах богу кийра, Iабош,
Ирсе еш со, дагчу хьоьжу хаза бIаьргаш хьан.

Жанр: 
Тема песни: 
Популярность: 
1290